Хаза сурт-сибат, оьзда г1иллакхаш

11.11.2020

Номер 14 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан хьехархочо Закараева Петимат Сайд-Эмиевнас 9б классехь д1аяьхьира "Мел дийци совдуьйлу хьан нуьре жовх1арш"(Элчанан (с.1.в.) хаза сурт-сибат, оьзда г1иллакхаш) ц1е йолчу темина лерина классни сахьт.Хаза хилла болу хастам хуьлийла Веза-Сийлахьчу Далла, 1аламах къинхетам беш Шен сийлахь Элча (1.с.в.) вайна ваийтина волчу. Къинхетамах къегина а, вазварца нуьре а долу салават-салам хуьлийла вай дуьнен чу довларан бахьана ша хилла волчу Мухьаммад-пайхмарна , цуьнан сийлахьчу доьзална, асхьабашна.Дала Шен ц1арах ц1е хоьттина, халкъашлахь вазвина ваийтинчу Мухьаммад-пайхмаран (1.с.в.) г1иллакхаш ,сибаташ довзар т1ехь ду вайх х1оранна.